Дишнийн мохк (ДИШ-МЕРК)
«Дишнийн мохк» Автор:Саламбиева Яхита Дишнийн мохк, башхачу лаьмнашкахь 1уьллу хьо. Тхан дайша ларбина, хестийна хилла хьо. Куц хазчу 1аламо йийсар деш адамаш, Даггарчу безамца йина шайн х1усамаш. Кху махкахь ворх1 юрт а, барх1 к1отар лаьттина, Хийла уьш къагаеш малх хьалаг1аьттина. Аренаш ялтех шаьш язъелла йог1ура, Дай каде хьийзарца,даьхний а кхобура. Бохийна,баржийна Даймахках уьш баьхна, Х1етте а шайн латта дицдина ца баьхна. Г1енашкахь ,Дишний, хьо дуьхьала тийсина, Лаьмнашка,хьаннашка дукха сатийсина. Кхузахь кхин ца хеза нах беха г1овг1анаш, Маьлхан нур т1е1ена,я доьлху дог1анаш. Ламанан некъашца экханан лар бен яц, Олхазарш декар бен,совнаха аьзнаш дац. Амма цу тийналло юх-юха воьху т1е. Дишнийн мохк денбелла,дог1ур ду ирсе де. Бертаза кху лаьмнех къаьстинчийн т1аьхьенаш Йоьрзур ю юха ц1а, 1еначу шовданаш. Йицлучех яций и ша-тайпа хазалла, Ирс хета хиларна дан цуьнах дозалла. Б1ешераш д1аэхарх,кхин ца гуш т1еман дохк, Дуьне мел деха, хьо бахалахь Дишнийн мохк! Байтан автор: Саламбиева Яхита