Батто сагатдо... (Сулейманов Ахьмад)
БАТТО САГАТДО Орцан дукъах дато маIаш Туьйсуш, батто сагатдо… ЦIеста кIудал нохчийн йоIа Шовдана кIел сецайо. Хета баттах схьадухдуьйлуш, КIудал юзу шовдано, Нур-зIаьнаршца безам муьйлу, ЙоIах хьерчаш, цу батто. КIудал юьзна… Iанаоьху БIаьрхих терра дато хиш. Ткъа, йоI гича, дог а лехий, Нохчийн кIанта лоькху йиш: – ЙоI, хин чами кховдабехьа, Чохь беттан нур даржадай! Ткъа беттан нур ца лахь айхьа, БIаьргийн нур луо суна хьайн! Маржа! ХIинцца доцу кема! Ткъесах гIатта космосе… Маршал хоттуш, даржо тIемаш, Хьол генарчу седане! Лоцур дар-кха стелахаьштиг Стиглахь кхарсто сийна цIе… Стиглан дари цIарца дагош, Хьан цIе язъя цунна тIе! ЙоI, хин чами кховдабехьа, Чохь беттан нур даржадай! Ткъа беттан нур ца лахь айхьа, БIаьргийн нур ло суна хьайн! Сулейманов Ахьмад