ХЬАЙБАХ йиц ца елла- 27.02.2022шо НАШХА. ГаланчIожан кIошт
Вайн нах цIерабохучу 1944-чу шеран Iай, чиллан беттан 27-чу дийнахь хIетахь хиллачу Нохч-ГIалгIайчура ГаланчIож-кIоштара Хьайбахехь дийна воллушехь, божалахь вагийначу 700 стаг. Оцу хенахь цига (Хьайбаха) ворда яхалуш некъ ца хилла, машен яхалуш муххале а ца хилла. Говраца а, гIашший бен хьалавахалуш ца хилла оцу юьрта, Хьайбахе. ТIаккха, цIе а тесна, уьш байгича а хIума дац аьлла, багийна-кх цара уьш. Уьш, шайгара жоп доьхург хиларх ца кхийрина те, боху хаттар кхоллало. «Аьлча а, цхьа а тешар вац, шаьш баьгна эр ду» аьлла, шайн план сихха кхочушъян сихбелла, кхин хIуманах а озалуш ца хилла уьш. Шаьш шайна тIедиллинарг кхочушдина аьлла, Iедалшна хьалха дика хилчхьана, дисинчунна сагатдеш ца хилла. Оцу хенахь ваьгнарг 700 стаг ву. Оццул нах баьгна хиларан тоьшаллаш ду. Шаьш дерг башха зулам хеташ а, багийначу нохчех цкъа а, цхьаммо а жоп доьхур ду аьлла, шеко а ца хилла Iедалан векалийн. Церан массеран а цIераш ца хаьа. Билггал стенгара бу а ца хаьа. Луларчу эвланашкара хьалабигина хилла нах, Хьайбахана гонахарчу кIотаршкара. Я оцу хенахь паспорташ ца хилла нехан. Цхьаболчара олу соьга, муьлаш бу ца хууш, байиний муха хаьа шуна? Оцу луларчу ярташкара наха дийцина тхоьга. Царна хаьа уьш хьенан-муьлаш бу. Тхо дохийча, пхьегlах духуш хилча, Тхо кегдича, серех кеглуш хилча, Тхо хадийча, тхан хlу хедаш хилча, Тхо дагийча, цlергахь догуш хилча, Тхан къомах а къам хир дацара, Тхан ломахь а лам хир бацара. Тхан орамо тlулг ца лелхош хилча, Тхан хуорамо лам ца белхош хилча, Тхайн мостагlан юьхь ца евзаш хилча, Тхайн доттагlан букъ ца ларбеш хилча, Тхо нохчий а хир ма дацара, Нохчийчоь а тхан хир яцара. Хилла мел дерг оха дицдеш хилча, Тхайн мел доцург къобалдеш а хилча, Шина шайнах кхане юхкуш хилча, Хlокху мехкан селхане ца хилча, Тхо кху метте кхочур дацара, Хlара Хьайбах денлур яцара. Автор: Арсалиева Люба Убедитесь, что у вас включен звонок, чтобы вы точно не пропустили ни одного нашего видео!