ВАЙН МАХКАХЬ ХАЗАЛЛА КХУЛЛУШ БЕРШ. ЗЕЗАГАШ.ЛЕХАМАШ
Паркашкахь, скверашкахь, некъан йистошкахь синтарш а\дуг1уш, зезагаш дуьйш а, кхиош а ду. Дукха хьолахь и болх беш берш зударий бу. Ненан бере санна, Iаламе безам ца хилча балур болуш болх а бац иза. Зезагаш а, дитташ а девзина ца Iаш, церан мотт хаа беза Iаламца гергарло долучарна. Царна хи маца деза, уьш маца шелло а, йовхо сов маца йолу а. Олуш ду, муьлхха а зезаг, ша хьаьстича, деллало, олий.Зезагаш лелош берш, дукха хьолахь, доккха зеделларг а долуш, зударий бу. Суртдиллархочо дуьллу сурт санна говза а, исбаьхьа а клумбаш йо цара. Цу тIе дуьйш долу зезагаш беснашца юх-юххехь товш дерш къастадо, цул сов, тидаме оьцу массо а церан лазам.