Дола яккха ца хIутту хьан бIаьргийн сийна хIусам...
Суна хии, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш, Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица. Цуьнан мерза маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш: Со ма ву и денна туьдуш догуш долчу сица. Белшийн бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол, Нека хууш доцу бIаьрса керчош шена буха... Алу хилча хьайн беснешца дуьне довха латтол, ХIунда дуцу сан са дехка ахь шеконан чуха? Иэсан Iаршан гIушлакхе хьан деган малхах хьоьгу - ГIайгIа-марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца? Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу Ахь седарчий луьйсуш хилла сатийсаман цаца. Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча Латта дохдеш, текхаш лела хьан IиндагIан сизаш. Хьо гуш яц ас хьайна йина мукIарлонийн ларча, Иркено тIе суй а тесна, сан ойланехь сийсаш... ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш. Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан... Синхааман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш, Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам... Ильман Юсупов